Сенатор хиллачу Джабраиловн могашалла толлур ю психиаторша

Джабраилов Iумар.

Москох ЦIен майданна гергахь хьешан хIусамехь герз кхоссарна жоьпе озийна волчу Джабраилов Iумаран дезар ду психиатрин экспертизех чекхвала.

Джабраилов лецнера Марсхьокху-беттан 29-чу дийнахь Four Seasons отелехь. Цо масийттоза тховх тапча тоьхнера ша вехачу хIусамехь.