ГИБДД-н белхахочун гIортор еш флэшмоб йолийна гIалгIаша

Мержоев Ваха, Фейсбукера сурт.

Вуьйцург ву ГIалгIайчоьнан некъан полицин белхахо Мержоев Ваха. Дукха хан йоцуш иза балхара дIаваьккхинера, аттестацех чекх ца ваьлла аьлла бахьана а хIоттийна.

Цхьаболчу ГIалгIайчуьрчу бахархошна иза ца тайна. Цара Мержоевна гIортор еш флэшмоб олу акци йолийна интернетерчу социалан машанашкахь, шайна иза эцалуш воцу а, оьзда а, шен гIуллакх дика хууш волу а белхахо хета аьлла. Цу акцехь дакъалоцучу наха доьху ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралле Мержоев шен даржехь юхаметтахIоттор.

ХIара шо долалуш гIалгIайн болггерша хаьржинера Мержоев «Халкъера баркалла» олучу номинацин толамхо.