Харц пенси диинарг кхеле хIоттийна прокуратуро

Старопромыслан кIоштарчу прокуратуро листина меттигерчу яхархочо тIехь да воцуш кхобучу буоберана кхачо пенси, хьалхо цуьнан Iуналла дечу девешо дIа а оьцуш, шен хьашташна духкуш хиларх дина арз.

Бинчу талламашца, 2011-чу шарахь дуьйна ТIехьа-Мартанан СемаIашкарчу администрацино хIоттийначу буьйранца оцу девешо Iуналла деш хилла шен вешин берана тIехь.

Стохка Iай дуьйна деваша мукъа а ваьккхина, Соьлжа-ГIаларчу мэрино арздинарг декхаре йина хилла тIейогIучу хенахь беран терго латто, пенси цуьнга а дерзош.

ХIетте а, дийнна ялх баттахь ца догIу пенси схьа а оьцуш, шен кисана а дуьллуш, ваьхна и стаг. Прокуратуран зерашца 42 675 сом ахча ду дерриг а дайинарг.

ГIуллакх теллинчул тIаьхьа прокуратуро кхеле дIахьажийна.