Москохарчу Буданов Юрийн хIолламах цIе тесна

Москох муьлш бу цахуучу наха цIе йолу кочаллех дуьзна шиша кхоьсина Комсомолан проспектехь Буданов Юрийна хIоттийначу хIолламна тIе. «Москва» агенталло бина и хаам.

Йолчу информацица, полицин декъе хаамбина и сурт гиначара. Оцу сохьата схьакхаьчначу полицина гучудаьлла, хиджаб йоьхначу зудчо а, цуьнца цхьана волчу стага а «Молотовн коктейль» тIеластийна хилар хIолламна, цул тIаьхьа цIе кхерстина хиллийла а. Ницкъаллийн структурийн белхахоша талламаш дIахьо кхи дIа цунна гонах.

Нохчийчуьрчу тIамехь дакъалаьцна ву Буданов Юрий. Таьнги-Чуьра йоI Кунгаева Эльза ерна бехкевеш шена тоьхначу хенан дакъа чохь а даьккхина набахтех мукъаваьллера иза 2009-чу шарахь.

2011-чу шеран аьхка Москох тапча йиттина вийра Буданов. Иза верна бехке ву аьлла Темирханов Юсуп набахтехь хан йоккхуш ву