Официалан кехаташца харцо лелорна набахте кхайкхийна вахархочунна

Нажи-Юьртан кIоштан кхело прокурорца цхьана талламаш дIабаьхьна меттигерчу вахархочо Буруев Вахас низам дохор зуьйш.

Болчу хаамашца, эвларчу администрацехь тIеман-учетан стоьлан говзанчан декхарш кхочушдечу Буруевс бакъо йоцуш, харц кехаташ кечдина Украинан вахархо тIеязвина Ясаков Коловкан доларчу цIенна.

Буруевн бехкхилар тIечIагIдинчул тIаьхьа, набахтехь яккха цхьа шо хан кхайкхйина цунна кхело.