Даймехкан тIом боьдучу хенахь эгначу 86 салтийн даьIахкаш лаьттах йоьхкина Нохчийчуьрчу Ищерск олучу станицехь кIирандийнахь. Стохка бIаьста дуьйна Ноьвран кIоштахь дIахьош бара лехамаш.
"1942-чу шарахь Соьлжа-ГIалин гонашкахь тIемаш лаьттина меттигаш яра охкуш. Лехаршкахь къахьоьгуш бара Москохара а, Белгородера а, Смоленск кIоштара а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а, Нохчийчуьра а тобанаш. Болх саца а ца беш, кхи дIа а охкуш, талламамаш дIахьор бу. Вайн маршонехьа эгначийн сий дан деза вай", -аьлла Нохчийчуьрчу тIеман-историкан юкъараллан куьйгалхочо Алаудинов Iабдуллас.
Беллачарех 33 цIерш меттахIотто аьтто хилла. Уьш Эрмалойчуьра тIаме хьовсийна нах бу.
Беллачийн чалхаш лаьтте ерзоче веанера эрмалойн Оьрсийчуьра посол Тоганян Вардан.