Дагестанехь байинчу тIемалойн цIераш евзина

Шинарин Iуьйранна Дагестанерчу Шемалан кIоштарчу Телетль эвлахь гIаттамхой бу аьлла, лерина операци дIахьочу хенахь полицино байинчийн цIераш билгалъевлла.

Вийнарг ву 1990-чу шарера Мирзоев Сайгидулбатал а, цуьнан ваша Мохьмад а. Ший а хьалхо герз лелорна а, дохкарна а бехкевина, кхел текхна а ву, хаамбина «Кавказ.Реалии» портале ницкъаллийн структурерчу хьосташа.

Цара бахарехь, ший а ваша диверсеш лелочу террорхойн тобанан декъехь хилла.