Шемахь тIемаш боьлхучу меттигашкара Оьрсийчуьра 15 стаг цIавалийна шаьш аьлла, хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Instagram-хь.
Кадыровс дийцарехь, и нах схьалехнарг а, Оьрсийчоьнан тIеман кеманца уьш Оьрсийчу дIахьовсор вовшахтоьхнарг а ву цуьнан Гергарчу Малхбалехь а, Къилбаседа Африкехь а векал волу Сабсаби Зияд.
КIелхьардаьхна бераш а, зударий Нохчийчуьра а, Дагестанера а хилар билгалдоккху Нохчийчоьнан куьйгалхочо.