Iамеркан Коьртачу талламан урхаллан куьйгалхочо Помпео Майка дIахьедар дина, Къилбаседа Корейн зарратан герз кийча ду ала мегар ду цуьнах пайда эца аьлла, хаам бо gazeta.ru сайто, CBS телеканалана тIе а тевжаш.
Цо дийцарехь, Пхеньянан зарратан аьттонаш хийцабелла 5 шо хьалха хиллачаьрца буьстича. Уьш кхин а алсам тобелла хир бу кхин а 5 бутт баьлча.