Миллиардерна 4 эзар сом гIуда тоьхна

Москохахь Кремлна уллорчу Four Seasons хьешан цIийнехь герзаш деттарна бехкевинчу миллиардерна Джабраилов Iумарна гIуда тоьхна аьлла, хаамбо ТАСС агенталле, Тверской кIоштан кхелан пресс-гIуллакхоша еллачу информацица.

"Еаридийнахь кхело Джабраилов бехкехилар тIечIагIдина, цо наркотикех я лоьрашкара кехат а доцуш, психотропан молханех пайдаэцна хиларна", - аьлла кхелан пресс-гIуллакхочо.

Магийна йоцчу молханех Джабраиловс пайдаэцнийла хиина цо отелехь герзаш диттин, иза лаьцначу хенахь.

Миллиардера бехк тIелаьцна. Кхело 4 эзар сом гIуда хьарчийна Джабраилов Iумарх.