Шеман къоман коалици (SNC) коьрта политикан тоба ю Малхбузено гIортор еш йолу. Цуьнан векалша дIахьедар дина, Сочехь хила еза аьлла Оьрсийчоьно хьахийначу «Шемарчу тобанийн конгрессехь» дакъалаца дагахь дац шаьш аьлла.
Къоман коалицина хетарехь и конгресс Iалашо йолуш ю, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло гIортор ечу Женеверчу машаран дийцаршна новкъарло ян.
«Коалицино цхьана а дийцаршкахь дакъалоцур дац Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралла юкъахь а йоьцуш», - аьлла Reuters агенталле SNC тобан векало Рамадан Ахьмада.
ГIадужу-беттан 31-чу дийнахь Туркойчоьно а, ГIажарийчоьно а къобул дира Оьрсийчоьно Лахьан-баттахь Сочехь дийцарш дIадахьа мегар дара Шеман Iедалша а, церан дуьхьалончаша а юкъахь аьлла дина хьалхататтар.