Кадыровна дуьхьал пикет хIоттийна Камчаткехь

Камчатка, пикет

Кхаарин Iуьйранна Петропавловск-Камчатск гIали юккъехь цхьана беттачохь шолгIачу пикете араяьлла цигара пенсхо, яздо «Кам24» портало. Шен карарчу плакаташ тIехь Медведев Дмитрийн дешнаш яздина цо: "Ахча дац, аш сатохалаш" аьлла. Иштта дуьстина цо Китайхь, Германехь, Камчаткехь ток ягорах луш долу ахча а.

"Кадыров зуламхо ву, Немцов вийнарг и ву" аьлла йоза а ду цуьнан карахь.

Дахначу кIиранах а иштта пикет хIоттийнера цу пенсхочо гIалин драман, комедин театрна хьалха.

Чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIуллакххоша бахарехь, полисхоша дуьхьало ца йина цунна, хIунда аьлча, цхьаъ ша хIоьттина дIахьо пикеташ Iедалшкара пурба доцуш магош хиларна.