Нохчийчохь лоьрийн къоьлла латтарна балабо дозанал арахьара говзанчаш

Мехаза Нохчийчуьрчу бахархошна кхечу пачхьалкхашкарчу лоьраша операцеш яр махкахь говзанчаш цатоарца доьзна ду аьлла хета шайна лоьрашна. Кхачо йоллу а, мехаза а медицинан къоьлла Нохчийчохь хилла ца Iаш, йоллу Оьрсийчохь а лаьатта аьлла, дIахьедина бакъонашларъярхочо Ганнушкина Светланас а.

«Грозный-Информ» агенталлан хаамашца, Соьлж-ГIала Туркойчуьра баьхкинчу лоьраша пхеа дийнахь йина 120 операци. Могушалла зийна эзар сов вахархочун.