Нохчийчохь наркотикашна дуьхаьло латтор ю Кадыровн гергарчо

Еаридийнахь дуьйна Нохчийчохь наркотикашна дуьхьало латточу урхаллан хьаькаман декхарш кхочушдан волавелла депутатан Делимханов Адаман а, Кадыров Рамзанан а гергара стаг Делимханов Гайрбек. Бутт хьалха оццу дарже хIоттийна хилла Кадыров Хас-Мохьмад Соьлж-ГIалин полицин куьйгалле дехьаваьккхича, мукъадаьллера и гIант.

Полицин подполковник ву боху Делимханов Гайрбек.

Ницкъаллийн структурехь хьалхо а, тIаьххьарчу заманчохь наркотикашца къийсам латточу урхаллехь куьйгалхочун гIовс лаьттира иза, яздо хаамийн гIирсашкахь.