Cтудент ядо гIоьртина Нохчийчуьра ши стаг лаьцна Петарбухехь

Архивера сурт.

Петарбухан юьртбахаман университетанан студент ядо гIоьртина ши стаг лаьцна полицино, хаам бо РИА Новости агенталло. Дийцарехь, и шиъ Нохчийчуьра ву.

Петарбухан талламан комитетан векалша бинчу хаамца, цара ядо гIортийнарг ю 22 шо долу жима зуда. ТIе тапча а лаьцна, ницкъ бийр бу аьлла кхерам а тесна, "Тойота Камри" машен чу а хаийна, неIарш дIа а къевлина, латтийна иза зуламхоша.

Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, и зулам дарна чуволла вогIуш ву цу шиннах хIора а, 12 шаре кхаччалц хенаш а тоьхна.