Нохчочо толам баьккхина Австрерчу дуьненаюкъарчу латарийн турнирехь

Лакхарчу Австрерчу Энсс гIалахь мукъаденошкахь дIаяьхьанчу Дуьненаюкъарчу иэдинчу латарийн турнирехь ткъех пачхьалкхера спортхой бара къовсалуш. ММА, бокс, кикбоксинг а латарш дара цу къовсамехь спортхоша хьуьнарш къевсинарш. Австрерчу тренеро Чекарбиев Iумара Iамош болу къона нохчийн латархой а бара турнирехь дакъалаца бахана.

Маршо Радион корреспонденте тренеро Чекарбиевс бинчу хаамца, боксехь цуьнан куьйгакIеларчу клубера Давлетбиев Исрапила толам баьккхира цигахь. 18 шо долчу Давлетбиевс шел 7 шо воккхах волу Азербаджанера спортхо эшийра.

Давлетбиев Исрапил паргIат охьатохаран кепехь латарш Iамош ву жима волуш дуьйна. Боксех лата иза волавелла цхьа шо бен дац, тренеро дийцарехь.