20 шарахь лаьттахь Iиллина бомба карийна Соьлж-ГIалахь

Архивера сурт.

100 кила йозалла йолу бомба карийна Соьлж-ГIалахь кху беттан 11-чу дийнахь. 20 сов шарахь Iиллина иза лаьттахь.

Бомба дIаяккха Ростохара республике баьхкина Оьрсийчуьрчу орцаллан министраллан Донан къелхьардаккхаран центран белхахой, хаам бо Нохчийчуьрча орцаллан министраллан зорбанан сервисо.