Оппозицин марш йолаелла Киевехь

Киев. Коррупцина дуьхьал марш. Архивера сурт.

Украинин президентана импичмент яр доьхуш марш йолаелла Киевехь. Иза кхолагIа цу тайпа акци ю Украинехь хуьлуш ерг. Шотдийнахь Саакашвили Михаила дIахьедар дира, диктатура хила тIаьххьара йоккхучу гIулчах Iедал лардан Iалашо ю шайн маршан аьлла.

Украинерчу оппозицина луург ду олигархаш Iедалера дIабахар а, Къоман антикоррупцин бюрон балхана Iедал юкъа ца гIертар а, инарлан прокурор Луценко Юрий балхара дIавалар а, антикоррупцин кхелаш кхоллар а, Украинин президентана импичмент яран механизмаш кхоллар а.

Марш дIайоьрзур ю Маршонан майданехь хир йолчу митингаца.