Ялх сайт дIакъовлур ю Нохчийчохь

Архивера сурт.

Нохчийчуьрчу прокуратурана карийна интернетерчу 6 сайта тIехь Делах тешачу нахана халахоьтуйтуш йолу материалаш зорбане евлла хилар. И бахьана долуш, Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштан кхеле искаш хьажийна цо, цу сайташна блок хIоттор хьокъехь сацам бар доьхуш.

И тайпаниг дуьххьара хуьлуш дац Нохчийчохь. Иштта, масала, кхушеран Мангал-баттахь Оьрсийчохь зуламе лоруш ю аьлла йихкинчу "Исламан пачхьалкх" тобанах лаьцна артиклаш тIехь йолу кхо сайт дIакъовлийтира прокуратуро.