Британера журналист, гIуда а тоьхна, араяьккхина ГIирмера

Маделайн Роуч.

ГIирмера араяьккхина адамийн бакъонаш йохорах лаьцна яздеш йолу Британера журналист. Журналист-фрилансерна Роуч Маделайнана гIуда тоьхна Симферопалан суьдо.

Ницкъаллин структурийн белхахоша лаьцнера Роуч Чиллан-беттан 7-чу дийнахь Симферополерчу цхьана хостел олучу хьешийн хIусамехь. Цунна бехкедиллина аккредитаци а йоцуш болх бар а, медицинан гIо оьшуш меттиг хIоьттича оьшуш долу кехат ца хилар а.

Роучна таIзар дина кхечу пачхьалкхан вахархо Оьрсийчу варан кеп йохорна.