Нохчийчохь "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб дIалоцучу хенахь полисхоша низамаш хьешна меттиг ца карийна Оьрсийчуьрчу Инарла прокуратурана, хаамбо "Интерфаксо". Бакъонашларъярхо бехкево наркотикаш лелорна. Титиевс а, цуьннан белхан накъосташа а наркотикаш Куьршаларчу полисхоша цунна кхийсина ю бохуш, чIагIдо. Дечкен-беттан 9-чу дийнахь дуьйнна лаьцна латтош ву Титиев Аюб.
Дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн организацеша Оьрсийчоьнан Iедалшна Титиев маьршаваккхар тIедожийна. "Мемориал" агенталло политикан тутмакх хилар дIакхайкхийна иза.