"Басаевн тIемалой бехке бацара" аьлла оьрсийн режиссеро

Готтачу гонашкахь вевзаш волчу режиссеро Сигарев Василийс Фейсбукерчу шен пена тIехь яздина "Басаевн салтий бехке бацара" аьлла.

1995-чу шарахь Нохчийчохь лаьттинчех дуккха а дешна ша, цундела гечдар доьху ша оьрсийн а, нохчийн а салташка аьлла, дийцина режиссеро.

"Эхь хета, къинтIера довла тхуна, нохчийн а, оьрсийн а салтий", - дIахьедина цо.

Шен постна бухахь, "делахь Басаевн тIемалой бехке бацар-кх" аьлла, сарказмехь йитинчу комментарина жоп луш, "хIаъ, бехк бацара церан" аьлла, яздина Сигаревс.

Хетарехь, ша бохучун ойла а ца еш, дина дIахьедар ду иза аьлла хета Independent-press.ru гIирсан авторна. Церан бехках хIаллакхилла Бесланехь 186 бер, ткъа Сигаревс бехк царна тIера дIабоккху.

Лаьар-кх, яздо авторо, прокуратурано, я кхечу компетенте органаша цу кепара дIахьедар дина режиссер жоьпе озо.