Украинин президентан харжамашкахь дакъалаца хьалхатеттина Савченко Надежда

Савченко Надежда.

Савченко Надежда билгалйина Украинин президентан харжамашкахь дакъалаца "Савченко Надеждин юкъараллин-политикан платформа" цIе йолчу партино. Карарчу хенахь политик, теракташ кечйеш хилла аьлла, лаьцна латтош ю талламан изоляторехь.

Украинин хаамийн гIирсаша дийцарехь, Савченкон агIончийн кхеташо хилла "Украина" отелан доккхачу цIийнан чохь. Радан халкъан депутат йолу Савченко президентан харжамашкахь дакъалаца хьалхатоттуш кхаж тесна 100 гергга делегато.