Тоьхна хан яккха Нижний Тагилерчу набахте дIакхачийна Хамхоев Тимур

Къизаллаш лелорна набахтехь даккха 7 шо хан тоьхна экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) хьалхо хилла куьйгалхо Хамхоев Тимур Нижний Тагил гIаларчу колони кхачийна. Маршо Радионо яздира, Товбеца-баттахь Нальчикерчу кхело Хамхоевна а, цуьнца цхьана болх беш хиллачарна а хенаш кхайкхорах, лецначарна тIехь ницкъбарна.

ЦПЭ-н куьйгалхочунна Хамхоев Тимурна 7 шо хан туьйхира, Центран декъан куьйгалхочунна Безносюк Андрейна 6 шо кхайкхийра. Хамхоевн гIовсна Хандогин Сергейна арахь даккха 3 шо делира, 10 шо дIакхайкхийра чохь даккха Беков Алиханна.

Кхин а кхаа полисхочунна кхаа шарера пхеа шаре гергга хенаш туьйхира набахтехь яккха.

Шена тоьхна хан яккха Нижний Тагиле дIакхачийна Хамхоев аьлла, хаамбина цуьнан адвокато Сабинин Андрейс.