Харц хаамаш язбеш, документаш кечдина, пачхьалкхера 951 495 сом ахча даккхарна бехкево ГIалгIайчохь полисхойн декъехь болх бина вахархо, хаамбина талламчаша. Йолчу информацица, 2014-чу шеран бIаьста ницкъаллийн структурашкахь болх беш хиллачу цо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хIусаман комиссига документаш делла хилла, шена пачхьалкхан хIусаман сертификат доьхуш. Шен доьзалх хIоттийначу тептаре хIеттахь хIусам схьаэцна йиша а язйина хилла цо.
2014-чу шеран аьхка сертификат схьаэцнера цо. Ткъа талламбича къаьстина, миллион гергга сом совнах эцна хилар цо, Iорадаьккхина ГIалгIайчуьрчу Талламан комитето.