4 стаг лазийна Котар-Юьртана гергахь некъахьовзамехь

Гайтаман сурт.

Некъахьовзам хилла ТIехьа-Мартанан кIоштахь. Котар-Юьртара ВаларгтIе боьдучу некъана тIехь йогIу 46 шо долчу вахархочо урхалла дон ВАЗ-21099 тIекхетта оцу юьртара вахархо халха хиина йолчу Ауди-А8 машенна.

И бахьана долу ши а шофер а, ткъа иштта машенашна чохь хилла ши некъахо а - 36 а, 26 а шераш долу ши зуда - лазийна, хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо.

Лазийнарш дIакхачийна ТIехьа-Мартанан кIоштарчу дарбанан цIийне. Хилларг къастош бу Iедалан векалш.