Махбеш коьртачу декъана карахь долу ахча леладо Нохчийчохь

Махбеш банкан картанаш ца лелош карахь долу ахча леладо Нохчийчуьрчу бахархоша. Цу гIайтамехь хьалхара меттиг дIалоцуш ю иза Оьрсийчохь.

РИА Новости агенталло ялийна бахархоша махбеш коьртачу декъана картанаш лело Оьрсийчоьнан регионаш. Царна юкъахь тIаьххьара меттиг дIалоцуш ю Нохчийн Республика.

Хьалхачу меттехь ю 85 процент мах балар картанашца лелош йолу Москох а, Москван кIошт а. ШолгIачу меттехь ю Магадан – 60 сов процент. ТIаккха Иркутскан кIошт – 59 процент.

Говзанчаша дийцарехь, банкийн картанаш лелор дукха лахара ду Къилбаседа Кавказехь. Иза доьзна ду Оьрсийчуьра банкаш лууш ца хилар цигахь шайн дакъош схьаделла, Малхбузен санкцех кхоьруш.