Сенцов дIахеца аьлла, баннер оьллина Москвахь жигархоша

Оьрсийчохь набахтехь латточу украинхойн режиссеран Сенцов Олеган сурт тIехь долу кхо метар баннер дIаоьллина жигархоша Москварчу Казанскан вокзала хьалхарчу серех. "Новая газетано" бина и хаам. Акцин цхьахволчу декъашхочо бахарехь, оцу бахьанашца Сенцов Олег карла а воккхуш, Оьрсийчохь политикан тутмакхаш хилар хоуьйтуш хилла уьш.

Аннекси йинчу ГIирмехь теракташ дан дагахь вара аьлла, набахтехь даккха 20 шо а тоьхна, Оьрсийчохь хан токхуш ву Сенцов. Бехк тIе ца лоцу тутмакхо. Ямало-ненецкан гонашкарчу Лабытнанги олучу гIалахь таIзар ловш ву иза.

Оьрсийчоьнан набахтешкара Украинера тутмакхаш маьршабахар тIе а дожийна, 145 дийнахь стохка мацалла хьийгира Сенцовс.

Дахначу шеран гурахь дуьйнна цхьа могIа пикеташ дIахьош ю Москварчу президентан Администрацина гергахь а. Оьрсийн набахтешкара украинхойн политикан тутмакхаш маьрша а бахий, таIзаре хIиттийнарш а, йийсаре лецнарш а Украинана а, Оьрсийчоьнна а юкъахь хийцар тIедожийна протестхоша.

Сенцов а, ГIирмина аннекси йинчул тIаьхьа Iедалхоша дIалецна кхиболу Украинера тутмакхаш а, дIахецар тIедожийна Малхбузен пачхьалкхаша а, културан гIуллакхдархоша а, дуьненаюкъарчу организацеша а.