Полисхошна герз диттина, къайлаваьлла ГIебарта-Балкхаройчохь машенлелорхо

Полисхой шен машенах хьовса боьлча, герз детта волавелла ГIебарта-Балкхаройчуьра машенлелорхо, хаамбина "Интерфакс" агенталло. "Шинарин Iуьйранна Баксанан кIоштахь некъан полисхоша машенах талламбан ша сацийча, дуьхьал герз кхийса ваьлла урхалла дийриг. Цул тIаьхьа къайлавала аьто баьлла цуьнан", - дийцина агенталле церан хьостано.

"Интерфаксо" яздарца, вийна стаг вац оцу зуламехь. Герз тоьхнарг лоьхуш ву полисхоша.