Лондонерчу "Арсеналан" футболах ловзархочун Озил Месутан ловзарехь хилла Туркойчоьнан президент Эрдоган Реджеп. Цунах лаьцна хаам гучубаьлла Twitter -ехь.
Video: Mesut Özil & Amine Gülse got married with Turkey president Recep Tayyip Erdogan & his wife, Emine, as witnesses at the ceremony in Istanbul. #afc pic.twitter.com/S4ir8YnQUJ
— afcstuff (@afcstuff) June 7, 2019
Зуда ялийначу меттигехь яьккхинчу видео тIехьгуш ду туркойн лидер шен хIусамненаца цхьана керла доьзал кхолларан церемонехь дакъалоцуш хилар.
Daily Mail зорбанан гIирсо дийцарехь, той хилла Истанбулехь. Туркойчоьнан куьйгалхочо довха дешнаш аьлла керла доьзал кхолларца Озил Месуте а, Гюльше Амине. 1993-чу шарахь Швецерчу Гётеборгехь йина Гюьлше актриса ю.
Дийцарехь, Туркойчоьнан президент дукха хенахь дуьйна доттагIаллан юкъаметтигаш лелош ву Озилца.
1988 шарахь Германехь вина волу Озил вара немцойн футболан тобанана декъашхо 2009-чу шарахь дуьйна. Оцу тобанца иза дуьненан чемпион хIоьттира 2014-чу шарахь.