"Зимняя вишня" компанин хилла долахо Оьрсийчоьне дIалуш ву Варшавас

Вишневский Вячеслав (Архивера сурт

"Зимняя вишня" йохка-эцаран центран хиллачу директорна Вишневский Вячеславна Оьрсийчу экстрадици ян пурба делла Варшаверчу апелляцин кхело. Юстицин министралло тIечIагIдаллалц сецна ду гIуллакх, хаамбо "Новости" агенталло.

Йохка-эцаран центр долахь йолу Вишневский "Кемеровский кондитерский комбинат" компанин урхаллехь а хилла. Стохка Зазадоккху-баттахь цIеяларан бахьанашца 60 стаг велира цу чохь, шайлахь 37 бер а долуш. Кхачамбацарш къайладахархьама йохка-эцаран центр чохь йолчу гIишлон планировка хуьйцучу хенахь бизнесхочо ахча делла хилла аьлла ю талламчийн верси. Оцу юкъанна дикка хан а хилла иза ша Испанехь веха.

Стохка Зазадоккху-беттан 25-чохь цIе кхерстира "Зимняя вишня" центрехь. Сиха йогучу гIишлошъяран материалех йина хиларна, маса дIасаяьржинера цIе еа гIаттах лаьттачу гIишло чохь. ЦIеяйаран система болх беш ца хилла, эвакуаци ен араволийлаш а къовлаелла хилла.

"Зимняя вишня" компанин тIаьххьара долахо Вишневский вацара, Австралехь веха бизнесхо Шенгелов Денис вара бохуш, хаамаш бора хьалхо зорбанашкахь. Беллачийн гергарчарна кхоккха миллион ахчанаш декънера цо.