Bloomberg: Iамерко санкцеш кхайкхор ю Туркойчоьнна С-400 эцарна

C-400 ракетийн комплексан дакъаош дIакхачийна Туркойчу.

Iамеркан Цхьаmнатоьхначу Штаташа санкцеш кхайкхор ю Туркойчоьнна гергарчу деношкахь, Оьрсийчоьнера С-400 зенитан ракетийн системаш эцарна. Цунах лаьцна хаам бо Bloomberg агенталло, шен хьасташна тIе а тевжаш.

Дийцарехь, президентан Трамп Дональдан хьехамчаш йийцаре йина 3 вариант. Амма цкъачунна билггал хууш дац царах хьаржинарг муьлхарниг ю. План тIечIагIъян дезаш ву Трамп.

Iамеркица цхьаьна НАТО-н юкъахь йолчу Туркойчу дIакхачо долийна С-400 системан дакъош. Вашингтоно дIахьедар дарехь, Оьрсийчоьнан герз кхераме ду Пентагонан дуккха а мах боккхучу проекташна. Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а барт бира С-400 Хонкарна йохкар хьокъехь 2017-чу шарахь. Цу контрактан мах бу 2,5 миллиард доллар. И бахьана долуш Вашингтон реза ца хилла туркошна кхузаманахьлера F-35 тIеман кеманаш дохка.

Туркойчоьнан президенто Эрдоган Реджепа оцу хьокъехь дуккхазза а аьлла шаьш и кеманаш эца лууш хиларх лаьцна. Цуьнца цхьаьна, Эрдогана дийцарехь, Оьрсийчуьра С-400 Туркойчоьно эцар къоман кхерамазаллан хаттарца доьзна гIуллакх ду, цундела Оьрсийчоьнца бина берташ хуьйцур боцу бу.