40 сов градус йовхо хIотта мегаш ю Нохчийчохь

Ялташ хIаллакьхила мегаш хиларна саготта бу Нохчийчуьра юьртабахамхой.

Нохчийчуьрчу хенахIоттаман говзанчаша бинчу хаамца, шинарин дийнахь делкъалтIаьхьа дуьйна моггIара 3 де чIогIа довха дан мегаш ду республикан къилбаседерчу а, юккъерчу кIошташкахь. ХIаваъ дохлур ду 40-41 градусе кхаччалц.

Йовхо хIуттуш хиларна говзанчаша кхайкхина бахархошка арахь мелла кIезиг хан яккхаре, ткъа лоьраша дагадоуьйту тоъал хи мала дезаш хилар.

Довха денош дарна ялташ хIаллакьхила мега аьлла саготта бу Нохчийчуьра юьртабахамхой а.