ГIалгIайчохь лоьхуш ю хьиджаб йоьхна араяьлла жима зуда

Лар йоцуш яйна жима зуда лоьхуш ю ГIалгIайчохь. Цунах лаьцна яздо Телеграмм-канало «Ангушт».

32 шо долу Абаева Хадижат яйна Сунжан кIоштарчу Аьрштахь. Иза стенга яхана хила мегаш ю хууш стаг вац. Гергарчара шайн зуда лохуш гIо дехна полицин белхахошка.

Болчу хаамца, Абаева арайолуш цунна тIехь хилла Iаьржа коч а, хIиджаб а.