"СабIаьрзе хIусамнанна" таIзар дина Iамеркехь

Iамеркан актриса Хаффман Фелисити, 2018 шо

Iамеркерчу кхело 14 де лаьцна чохь даккхийта а, 30 эзар доллар гIуда такхийта а, 250 сахьт юкъараллин белхаш байта а сацам бина актрисе Хаффман Фелисите. Цунах лаьцна хаам бо "Iамеркан аз" зорбан гIирсо.

Iамеркехь дIайоьдучу " Desperate Housewives" (СабIаьрзе хIусамнаной) сериалан седа кхушара Стигалкъекъа-баттахь къера хиллера ша бехке хиларна, зулам дан барт барна а, бозбуунчалла лелорна а – цо 15 эзар доллар ахча делла хилла, шен йоьIан хааршна экзаменехь дика мах хадорна.

Кхело шен сацам дIабешале актрисас дIахьедар дира, ша диначунна юьхьIаьржа ю ша аьлла.

Хаффман йоцург цу гIуллакхехула кхеле озийна ву кхин а 50 стаг: хьал долчу дай-наноша кхаьънаш луш хилла, шайн берийн Iамеркан университеташка деша баха аьтто хилийта.