ГIизларан депутаташа долаяьккхинчу нохчийн хьуьнах лаьцна хаттар къастор ду Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело

Нохчийчоь

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхелан аппеляцин кхело къастор бу Нохчийчоьнан хьуьнан дакъа шайн хиларх лаьцна Дагестанерчу ГIизлар-гIалан депутаташа бинчу сацаманна бина латкъам. Цу гIуллакхах лаьцна хаам гучубаьлла кхелан картотекина тIехь, хаам бо "Аргументы и факты" сайто.

Цу хаттарехь хьалхара кхеташо хир ю ГIуран-беттан 11-хь. Аппеляцин латкъам бина Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхеле Дагестанан хьунан бахаман комитето а, Нохчийчоьнан Iаламан министралло а.

Цара бух боцуш ларар доьху ГIизларан гIалан депутаташа 2014-чу шарахь ГIуран-беттан 15-хь гIалан гонан коьрта план а, латта лелорах лаьцна низам а тIеоьцуш цу юкъа Нохчийчоьнан Шелковскин кIоштан Бороздиновкина гергахь йолчу хьуьнан дакъа а тухуш бина сацам.

Дагестанан хьунан бахаман комитето а, Нохчийчоьнан Iаламан министралло а бина цу тайппа латкъам юхатуьйхира Дагестанан Лаккхарчу кхело. И бахьана долуш делла и гIуллакх Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхеле.