"Грозный" телеканало шен сюжеташкахь къайлайоккху Кадыров Исламан юьхь

Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан администрацин куьйгалхо лаьттинчу Кадыров Исламан юьхь дIахьулйо нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканало шен сюжеташкахь аьлла, хаамбина нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос шен Telegram-каналехь. Массо а архиван видеош тIехь юхь къайлайоккху хьаькаман, Абдурахмановс дийцарехь. Масала, кху беттан 11-чохь Кадыров Рамзан Урдуне вахарх дуьйцучу хенахь пайдаоьцу телехьожийло пхи шо хьалха Урдунан паччахь Iабдалла ШолгIаниг Нохчийчу веача яьккхинчу видеох. Цу тIехь 4 минот 13 секунда яьллачу заманчохь Кадыровна тIехьа лаьттачу Исламан юьхь дIахьулйина ю. Цхьа секунда яьллачу хенахь ларамза кадрехь йиллина гойту цуьнан юьхь.

Цхьана заманчохь ша республикехь шолгIа хьаькам леринчу Кадыров Исламан карьера юху Кадыров Рамзанна кIелоярца йоьзна истори йийца яьккхича, дуьйцу Абдурахмановс.

"Архиван видео тIехь цхьана мIаьргонехь вевзира суна Кадыровна тIехьа лаьтта Ислам. Схьахетарехь, цхьана а йа архиван а, йа карарчу заманчохь яьккхинчу видео тIехь а иза гайта дихкинчух тера ду телеканална. Соьца доьзна дуй-те иза, ойла йо ас, амма кхин цхьа бахьана а ду кхузахь. Ямадаев Iийса Кадыров Рамзанна кIело кечъеш хилла бохуш, дуьйцура. Цу юкъахь вара Кадыров Исламан шича, и гучудаьллачул тIаьхьа даржах ваьккхира Ислам. Цундела, цуьнан карьера ерзар сан историца доьзна хилла ца Iа", - аьлла Абдурахмановс "Кавказ.Реалии" портална еллачу комментарехь.

Мича бахьанашца телехьожийло къайлайоккху Кадыров Исламан юьхь хаа аьтто ца белира "Кавказ.Реалии" порталан.

Карладоккху, Кадыров Исламца Iоттаелла конфликт бахьана долуш Оьрсийчуьра вада дийзира блогеран Абдурахманов Тумсон.