Кадыровн невцан долахь миллион доллар мах болу пентхаус карийна Москвахь

Москвахь "Лечанан бен" (Соколиное гнездо) гIишлойн комплексехь шина тIегIан пентхаус эцна Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йиша яханчу республикан вице-премьеро Закриев Салмана. Цуьнан мах бу 1 миллион гергга доллар. И петар ю Iедалхочун хIусамненан цIартIехь, амма Росреестран а, Закриевн бахаман декларацин а хаамаш цхьаьна богIуш бац, яздо Кавказ.Реалиино, pasmi.ru сайтана тIе а тевжаш.

Шен тIаьххьарчу декларацехь Закриевс гайтина, шен хIусамненан 167,7 йиъкIов метр майда йолу петар хилар. "Собеседнико" яздарехь, иза ю "Лечанан бен" гIишлойн комплексехь йолу шина тIегIан пентхаус. Росреестро деллачу схьаяздарца, и петар Закриевн хIусамненан долахь йолу ду 15 шо.

Закриевн дIадаханчу шерашкарчу декларацешкахь хьехош яц цхьа а 1 миллион доллар мах болу пентхаус. Цо бинчу хаамашца цуьнан хIусамненан долахь ю 130 йикъо метр йолу кхин петар.