Мейвезер: Хьабибца а, Конорца а цхьана дийнахь тасавала кийча ву со

Мейвезер Флойд а, Макгрегор Конор а

Дуьненан экс-чемпионо Мэйвезер Флойда хаамбина, UFC-н латархочуьнца Нурмагомедов Хьабибца а, промоушенан шина дивизионехь чемпион хиллачу Макгрегор Конорца а цхьана дийнахь тасавала кийча ву ша аьлла. sports.ru хьостано бина и хаам.

"Ас хьалхо а дIахьединера Хьабибца а, Конорца а цхьана дийнахь лата реза ву со аьлла. Хьабибца дийнахь летар ву со, ткъа Конорца тасалур ву суьйранна. 250 доллар охьа а диллина, шина а латаре хьовса таро хир ю шун" - аьлла Мейвезера.