ХIинжа-ГIалахь машен ядийна стаг лаьцна Нохчийчохь

Гайтаман сурт

Кхо бутт а хилла ГIойтIара 24 шо долу вахархо ХIинжа-ГIалахь машенаш юьлучехь болх беш волу. Клиенташа сих-сиха догIанаш дуьтуш хилла белхахошка, машен боксана чутатта а, чура араяккха а церан аьтто беш.

Цунах пайда эцна Нохчийчуьрчу вахархочо Чиллан-беттан 19-хь. Машенаш юьлучу кертахь йитинчу "Хьюндай Сонатан" догIанаш схьа а эцна, цу машенахь Нахчийчу вахана иза. Амма полисхойн аьтто баьлла цуьнан лорах кхиа видеокамерашкахула.

Оццу дийнахь ядийна машен гучуяьлла ГIойтIахь. Эвлан юккъехь иза сацо гIортарх гIуллакх а ца хилла, некъан полицин белхахоша лаьцна жима стаг тIаьхьа а бевлла.

Машен а, иза ядийнарг а дIавелла Дагестанерчу полице, хаам бо «Грозный-информ» агенталло, чоьхьарчу гIуллакхийн Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисна тIе а тевжаш.