Арктикерчу шашлахь хьаладаьлла Американ хи бухахула лела кема  

Арктикерчу шашлахь хьаладаьлла Американ хи бухахула лела кема, гайтаман сурт

Интернетехь гучуяьлла USS Toledo SSN-769 олу Амеркан хи бухахула лела кема Арктикерчу шашлахь хьаладолуш яьккхина видео. И ролик дIахIоттийна Цхьанатоьхначу Штатийн ХIордан тIеман ницкъийн официалан YouTube-каналехь.

Toledo дакъалоцуш ду Арктикехь дIахьочу Ice Exercise (ICEX) олучу 2020 Iаморашкахь.

Видеона комментари йинчу Оьрсийчоьнан ХIордан тIеман ницкъийн коьртачу штабан хьаькам хиллачу адмирала Кравченко Игора дIехьедар дина, ша а кагбеш, кема хи бухулара хьаладалар могIарера операци яцахь а, доккха хIума дац аьлла. Шаьш а иза дина дукхахенахь дуьйна аьлла адмирало.