Дижонехь хиллачух дIахьедар дина бакъонашларъярхоша

Францин Дижон

Дижонехь хиллачу инцидентан хьокъехь Францерчу адамийн бакъонашкахула йолчу лигано (Ligue des droits de l’Homme) Нохчийн комитетца а (Comité Tchétchénie), Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашкахьа йолчу федерацица а (Fédération internationale pour les droits humains) юкъахь дина дIахьедар зорбане даьккхина шинарин дийнахь, яздо "Кавказ.Реалиино". Цара хаам бина, хьалхо лаьттинчу къепедацаршна шаьш реза дац, адамийн бакъонийн а, маршонан а принципаш шаьш тIечIагIъеш ю аьлла.

"Оцу хиламаша, къаьсттина политикашлахь, реакци меттахъяьккхина. Царех цхьаболучара сингаттам гIаттийна тхоьгахь, хIунда аьлча, кеп-кепарчу политикин партийн а, административан органийн а векалшкара и хиларна. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедина, Дижонехь хиллачу къепедацаршна юкъахь хилла кхечу мехкийн бахархой шайн пачхьалкхера арабаха некъаш лоьхуш ду аьлла.", - яздина ду дIахьедарехь.

"Нохчийчоь хIинца а ультраавторитаран а, репрессин а режимехь ехаш ю, цигахь адамийн бакъонаш хьоьшуш ю тахана а, цундела дуккха а нохчий Европан мехкашкахь тховкIело лоьхуш бу", - аьлла, билгалдаьккхина бакъонашларъярхоша.

Деа дийне дIадахделира Дижонехь Нохчийчуьрчу а, Къилбаседа Африкерчу а бахархошна юкъара тийсадаларш. Маршо Радионо яздира, 16 шо долчу нохчийн кIантана дина тIелатар бахьана долуш шина къоман векалшна юкъахь конфликт эккхарх.

Францин полицно Дижонера ситуаци шен контроле а эцна кху беттан 16-чу дийнахь дуьйна.