Европан адамийн бакъонашкахула кхелан сацамашца стохка 1,1 миллиард сом текхна Оьрсийчоьно

Адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан кхеташо

Европан адамийн бакъонашкахула кхелан сацамашца, 2019-чу шарахь Оьрсийчоьно цхьа миллиард сов сом текхна. Оьрсийчоьнан Чоьтан палатано бина и сацам шен сайта тIехь.

Европан кхело бинчу 1 240 сацамца а догIуш, текхна ду и ахча. Итт гIуллакхан хьокъехь документаш тIаьхьа дIакхачорна, Оьрсийчоьнан юридикан министралла ца ларийна кхин а 850 миллион сом дIадала, чIагIдо министралло ахчанаш дIасахьежор теллинчул тIаьхьа.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан статистикаца (ЕСПЧ), латкъамаш дукха барца хьалхарчу меттигехь ю Оьрсийчоь.

Динчу зерашца, карарчу шеран Дечкен-баттахь кхело листо чуэцна дара Оьрсийчуьрчу бахархошкара 60 эзар арз. Къаьсттина Оьрсийчоьнан Iедалхоша низамаш хьоьшу - маршо гатъеш а, адамашана тIе куьйгаш кхоьхьуш а, нийсонца кхел ярехь дозанаш детташ а.

  • 1998-чу шарахь тIечIагIина Оьрсийчоьно Европан адамийн бакъонийн конвенци. Оцу хенахь дуьйна ю пачхьалкх Европан кхелан юрисдикцин куьйгакIел.
  • 2015-чу шарахь Оьрсийочоьнан Конституцин кхело сацамбира, ЕСПЧ-н сацамаш кхочуш ца бан бакъо ю пачхьалкхан, нагахь санна, цара "Конституцин принципийн коьрта барамаш" бохош белахь аьлла.