Путина довдинчул тIаьхьа: Нохчийчохь маьхза кхача латтор бу юьхьанцарчу классийн дешархошна

Школийн 1-4 классашкахь доьшучу берашна кхушара дуьйна маьхза бовха кхача латтор бу Нохчийчохь. Оцу хьокъехь хаам баржийнаша Кремло шена йина критика дIахезначу махкарчу Iедало.

"Аьхна кхача вуно чIогIа оьшу кхуьуш долчу беранна, меню муха хила еза ойлаеш ду тхо, Роспортебнадзоро къастийначу хьесапехь хир ю иза", - аьлла ТАСС агенталле Нохчийчоьнан дешаран министран хьалхарчу гIовса Тааев Илеса.

131 эзар бер ду 1-4-чу классашкахь Нохчийчохь, билгалдаьккхина Тааевс

Амма стенгара дер ду оццул берашна кхача латто ахча, ца аьлла дешаран министралло. Хьалхо оцу Iалашонна ахча дала реза ца хилира Москва. Дукха хан яц Оьрсийчоьнан премьер-министра Мишустин Михаила, федералан бюджетера школашкарчу дешархошна маьхза кхача латто ахча лур дац 58 регионна бен аьлла. Цуьнца а догIуш, 27 регион юьсур ю юьстах.

  • Кху кIиран юьххьехь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира 27 губернаторна критика йира, цара шайн ехннахь берашна маьхза кхача хилийта кечам цабарна. Хьехочаралахь бара, цхьа Ставоропол-мехкан воцург, массо а Къилбаседа Кавказан мехкийн куьйгалхой.
  • Путина декхаребина массо а регионийн куьйгалхой школашкарчу кегий берашна кхача латтабен меттигаш кечъян. Кечамаш бина бевллачу мехкашкахь кхушара долор ду 1-4 классашна маьхза кхача латтор, 2023-гIа шо ду ерриг а пачхьалкхехь кечамаш бина баха къастийна доза.