Экстремистийн йозанаш даржорна хан тоьхна ГIалгIайчуьрчу вахархочунна

Гайтаман сурт

Терроризм къобалйина цо аьлла, бехкевинчу ГIалгIайчуьрчу вахархочунна Плиев Рамзанна колонехь даккха ши шой ах шой хан тоьхна.
Талламчашна а, кхелана а къаьстина, 2015-чу шеран Охан-баттера 2016-чу шеран Зазадокху-батте кхаччалц Плиевс терроризм бакъйен тексташ а, экстремистийн могIаршка кхайкхамаш бен аудиош а зорбане йохуш хилла, яздо "Кавказский узел" агенталло.

Ша бехкехиларна къаро йина Плиевс.

Экстремистийн материалаш ю аьлла, Федералан тептаре яьхна пхи эзар сов видеоролик а, жайнеш а, брошюраш а, суьрташ а, аудиош а ю.