Американ аэронавтикехула а, космос талларехула а йолчу Къоман урхалло (NASA) Марс планетина тIе дIахьоттийна Ingenuity (Кхолладалар) цIе йолу жима-беркема, иза цунна тIехула тIемадаккха дагахь. Цунах лаьцна хаам бина NASA-но Твиттерехь, яздо "Американ аз" зорбан гIирсо.
ТIех яйн тIемайолу и аппарат тIекъевлина яра Чиллан-беттан 18-хь ЦIечу планетина тIе охьахаийначу Perseverance (Къарцадалар) олучу Марсана тIехула лелачу машенна (роверна).
КХИН А ХЬАЖА: "Персивирэнс" Марс тIе охьахууш яьккхина видео гайтина NASA агенталлоАмерикан космосан агенталло Твиттерехь дIахIоттийначу сурта тIехьгуш ду Марс тIехулала лела машен беркеманна а, цуьнан "аэродромна" а уллера дехьа яьлла хилар, иза лаьтта охьадахийтинчул тIаьхьа.
NASA’s Ingenuity Mars helicopter has survived a Martian night in the extreme cold! pic.twitter.com/FmL0H5GWz6
— Everything Space (@totalspace360) April 5, 2021
ХIинццалц беркеманна ток лора роверо, ткъа хIинца цуьнан дезар ду шен аккумуляторх пайда эца ша дохдан, Марс тIехь хуьлучу шийлачу буьсаннашкахь электрикан экаме дакъош дохарах лардан.