ХIаагехь хIоранна а 12 шо хан тоьхна Милошевичан шина накъостана

ХIаагера трибунал

Югославин лерринчу сервисийн хиллачу шина куйгалхочунна хIоранна а 12 шо чувоьллина даккха хан тоьхна, хаам бо Свобода Радионо. ХIаагерчу трибунало бехк тIечIагIбеш сацам бина Югославин пачхьалкхан кхерамазаллин урхаллан директор хиллачу Станишич Йовицна а, лерринчу полицин тобан буьйранча хиллачу Симатович Франкна а дуьхьал хиллачу шолгIачу дов къасторан процессехь.

Кхаарийн дийнахь, Мангал-беттан 30-хь кхело хIоранна а 12 шо чувоьллина даккха хенаш кхайкхийра цаьршинна, тIеман зуламаш а, адамаллина дуьхьал зуламаш а дарна бехке а вина.

Бехкбилларан агIоно жамI дира, жоьпе озийна и ши стаг "этникан цIена йолу Сийлахь Серби" гIолла гIерташ хиллера аьлла Хорватехь (1991-1995 шерашкахь) тIом боьдуш а, Боснехь (1992-1995 шерашкахь) тIом боьдуш а. Цаьршинна бехке диллинера хорваташ а, Боснера бусалбанаш а хьийзор а, байъар а, царна депортаци яр а, нуьцкъала уьш цIера бабхна лелор а.

КХИН А ХЬАЖА: ТIеман зуламхойн доьхна доттагIалла

Югославин президент хиллачу Моловиш Слободанан хиллачу шина накъостан, 70 шо долчу Станишичан а, 71 шо долчу Симатовичан а гIуллакх листира хиллачу Югославехула кхоьллинчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Дуьненаюкъарчу трибунало 2009-чу шарахь дуьйна 2013-чу шаре кхаччалц.

КХИН А ХЬАЖА: ТаIзаран метта шена совгIат доьхуш ву Караджич Радован

Оцу хенахь и шиъ бехке цалерира кхелахоша, тоъал тоьшаллаш дац аьлла. Прокуратуро оцу сацамна апелляци йира. 2015-чу шарахь ГIуран-баттахь бух болуш лерира иза трибунало. ГIуллакх дIахьажийра юхалистийта. Кхушара Мангал-беттан 30-хь и процесс дIайирзина.