Тесна йисина Абхази

Сухумерчу хийистехь ресторан а, кафе а яра хьалха. 20 шо ду и меттиг тесна йитина.  

Сухумерчу хIордйистонца садоIуш бу бахархой.  

ТIамо йохийна а, наха йитина а гIишлош дукха ю Сухумехь.    

СадаIар лаахь а, ца лаахь а нисло. 80 проценте кхоччуш ю Сухумехь белхан якъо.    

1992-93 шерийн тIамехь веллачу гергарчун каштIе зезагаш дохкуш ю яхархо. Сухуман коьртачу майданех цхьаъ кешнашка йирзина.  

Абхазин хьал 70 процентна дузу Оьрсийчуьра богIучу туристаша. Миллион гергга оьрсий богIу цига шарахь.    

Автобусан социйлехь меттигера вахархо.  

Абхазех Гуьржийчоь къаьстачу Ингури-хин йистехь говр-ворда яре хьоьжуш лаьтта зударий. Ах-доллар хиллал бу 15 минот некъах боьху мах.  

Ахча доцург гIаш дехьаволу тIайнах. Доза лардеш ву 3000 гергга оьрсийн эскархо.  

Духаран гайтам. И духар эца таро яц наггахь болучийн бен.  

Сухуми. Apple фирмин меттигера диллер ву кху чохь.  

ХIордайист. Шахматисташ.  

Кхерамзаллин декъан салтий Абхазерчу Гали-гIалахь.    

Нах лелабе машенаш - и бен кхин юкъара транспорт а яц Сухумехь.  

Делкъе еш бу юкъара транспорт лелорхой. Кест-кеста алапа совдаккхар доьхуш протесте бовлу уьш.    

Сухуми. Сигаьркаш юхкург. Кхузара валюта оьрсийн сом ду.  

Сухумера вокзал. ЦIерпошташ ца лела дуккха а хан ю.    

Сухумин юкъ. Тесна дисина администрацин цIа. 1992-93 шерашкахь уггаре луьра тIемаш лаьттира цунна гонаха.