ОвхIанистанера кучи цIе йолу тукхам хало ловш ду тIаьхьарчу хенахь

Кучи тукхаман терахь 3 миллион стаг ду. Дукха хенахь дуьйна махкахула бевлла лелаш бу и нах.

Бакъонашларъярхоша дийцарехь, вуно чIогIа юкъараллах къаьстина дехаш ду и тукхам.  

Конституцина тIехь бинчу хийцамашца а догIуш, Iедалш декхарелахь ду кучи цIе йолу тукхам кхечу бахархойх дIаэдан, леррина программа кхочуш а еш. 

Iай кучи лаьмнашка боьлху, ткъа аьхка - йовхачу аренашка. Цу наха доккха дакъалоцу мехкан юртабахамехь. 

Кучи долахь ду махкара 30 процент даьхни.  

Чакхе йоцу боьдуш болу тIом а, йокъо а бахьана долуш шайн лаамца гIаланашкахь баха ховша сацам бина цу наха. Делахь а кхоалгIа дакъа даьлла лелаш ду махкахула тахана а. 

Кучи бовза атта ду духарца а, хIусамашца а, гонаха даьхни хиларца а.

ОвхIанистанера цхьаболу бахархой реза бац Iедалан политикана, и нах шайн латтанаш тIехь баха ховшош бу бохуш.  

Делахь а цхьаболу кучи баха хевшина цхьаннаметтехь.  

ОвхIанистанан парламентехь йолчу 249 меттигах 10 меттиг дIаелла кучи тукхумах болчу нахана. Царна интеграци ян леррина департамент а кхоьллина.