ТIалибех а бевдда, хIорда йистехь баха луурш
Да а, воI а Сархад Брей юьртахьˆ стерчашца охана а деш, мекхабоккхуш.
Тахар провинцехь. Кхерамзалла яц, сихха суьрташ а даьхна, юьстахвала оьшуш нисло, боху Квилтис.
40 центах Коча-хих нах дехьабоху "хинкеманхочо".
Лета жIаьла Iамош, Кабул.
"Дозанаш доцчу лоьрийн" дарбан цIа дохийра Кундузехь Iамеркан авиацино тохар а дина.
Жима йо1, Кундузерчу дарбан цIенна ракетийн тохар динчу муьрехь.
Дег1 дагийна йоI, дег1ах даьтта а хьаькхна, "детин кехата" юкъахьарчийна.
ОвхIанистанерчу Бадахшанан кIоштахь латта текхича велира 350 вахархо.
Суртдаккхархочунна шен даймохк Австрали дагабеача, уггаре хьалха духьалтосург бу хIорд.
Квилтина ОвхIанистанан мехкашкахь а "го" шен цIера Австралера хIорд.
Кабулехь ло догIуш.
Аьхкенан буьйса. Хорбаз а юууш, газета кепатухуш ву Кабулера зорбанан белхахо.
Нах алсам гулбеллачохь кхераме хуьлу гена махкара веанчунна. Ишттачу метте ца нисвала хьожу Квилти. ХIара сурт доккхучу юкъанна кисинара телефон лачкъийра цуьнан.
Истори ю кху суьртаца. Советан пачхьалкхан эскарш ОвхIанистанехь долчу заманахь коьрта тохкучу куйнийн метта бара оьрсийн танкисташкара дIабаьхна шлемаш.
Меттигерчу духарахь Квилти. 34 шо долчу авcтралахочо ша дагахь вац боху кеста Овх1анистанера дIаваха.